ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрмалойчоьнан хилла президент дIалаьцна шина баттана


Кочарян Роберт
Кочарян Роберт

Эрмалойчоьнан хилла президент Кочарян Роберт шина баттана дIалаьцна кхело. Конституцин дIахIоттам бохо гIортарна бехкевеш ву иза. Бехк тIечIагIбахь, набахтехь даккха 15 шо кхачадо цунна. Еаридийнахь дIалаьцна Кочарян. Политикан бух тIехь ду аьлла цо, шена дохку бехкаш.

Эрмалойчохь хиллачух шолгIа прпезидент ву иза. 1998-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц куьйгаллехь вара Кочарян. 2008-чу шарахь президентан харжамашна дуьхьал йолийна акцеш ницкъаца дIайохорна гIуллакх долийна цунна дуьхьал.

ХIетахь харжамашкахь эшначу Тер-Петросян Левонан агIончаша митингашка а бевлла, кхаьжнаш юахадагардар тIедожийнера. Полисхошца хиллачу тасадаларшкахь хIетахь 10 стаг велира. Кочаряна чолхечу хьолан раж кхайкхира пачхьалкхехь, протесташ севцира.

Карарчу хенахь премьер-министран дарже веана Пашинян Никола вара хIетахь митингаш кхайкхийначех цхьаъ. 2010-чу шарахь махкахь къепе йохорна аьлла, набахте хьажийра иза ворхI шарна. Шо даьлча маьршаваьккхира амнисти юкъавахарца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG