ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пенсе воьду хан тIетохарна дуьхьалбевлла Оьрсийчоьнан бахархой


Пенси воьду хан тIетохарна резабоцучийн митингаш ю Оьрсийчохь дIахьош. Пачхьалкхан Малхбалерчу декъашкахь хIинцале а хIиттийна, эзарнашкахь арабевллачу наха акцеш. Дуккхайолчу меттигашкахь КПРФ партин дакъоша вовшахтоьхнера митингаш, цаьрца цхьана дакъалецира оппозиционеран Навальный Алексейн агIончаша а, "Йиллина Оьрсийчоь", "Аьрру форонт" ("Левый фронт"), "Яблоко" боламийн векалша а. Протестхоша президенте а, цуьнан Iедале а дарж охьадиллийтар тIедожийнера, дуьйцу Маршо Радион оьрсийн сервисо.

Иштта Сахаровн цIарахчу майданахь а дIакхайкхийна ю, КПРФ партино вовшахтуху, пенсин реформина дуьхьал митинг.

Навальный Алексейн агIончаша кIирандийнахь Москох хIоттош ю цхьа акци.

Пенси воьду хан тIетоха гIерташ бу Оьрсийчоьнан Iедалхой: зударшна – 65, божаршна – 63 шо. Пачхьалкхан Думан хьалхарчу ладегIаршкахь тIеэцна пенсин реформан низаман проект.

Дийцарехь, тIедогIучу шеран Дечкен-баттахь дуьйнна болхбан долалур ду и низам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG