Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдис харцдина зулам дарна бехке веш лаьцначу Янгульбаев ИбраьхIимна оьшуш долу лоьрийн гIо ца дина бохург.
Нухажиевс чIагIдарехь, кху беттан 11-чохь, дIайодуш суд а йолуш, вон хиллера Янгульбаевна. И бахьана долуш, тутмакх дIавигинера юханехьа талламан изоляторе. Цигара лоьрийн машенахь иза дIакхачийнера дарбанан хIусаме.
Дарбанан хIусамехь Янгульбаевна операци йинера лоьраша, аппендицит дIа а йоккхуш. Товбеца-беттан 20-чохь лоьраша сацам бира, амбулаторан кепехь дарба лело деза цунна аьлла. И бахьана долуш Янгульбаев дIавигира талламан изоляторе. Делахь а, тутумакхо шен дегIехь лазарш ду аьлла Iаткъам бича, иза охьавиллира дарбанан хIусаме.
Нухажиевс бинчу хаамца, карарчу хенахь Янгульбаев Соьлж-ГIалахь 9-чу дарбанан цIийнехь ву. Цигахь цунна луш ду оьшуш долу молханаш, хьожуш бу лоьраш.
"Кавказский узело" бинчу хаамца, омбудсмено Янгулбаевн хьолах лаьцна дIахьедар дар доьзна ду, "Новая газето", тутмакх Янгульбаев талламан изоляторехь латтош а ву, цунна деш лоьрийн гIо а дац аьлла, хаам баржорца. Газето, адвокатана тIе а тевжаш, яздора, Янгульбаевс прокуроре латкъам бинчул тIаьхьа, цуьнан хьал вочу даьлла хиларх лаьцна.