ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко къобалдийр дац ГIирма дIалацар


Помпео Майк.
Помпео Майк.

Iамерко ца лору Оьрсийчоьно ГIирма дIалацар. Цунах лаьцна дIахьедар дина Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаро Помпео Майка, Сенатана хьалха вист хуьлуш. Цо дийцарехь, Iамерко кхойкху Оьрсийчоьне цу ахгIайренна аннекси яр сацадар.

Помпеос хаам бина, Трампан администрацино леррина "ГIирман деклараци" арахецна хиларх лаьцна. Цуьнца а догIуш, Iамерко официалан кепара тIечIагIдо Цхьаьнатоьхначу Штаташа Оьрсийчоьно ГIирма дIалацар къобалдийр ца хилар.

Iамеркан пачхьалкхан секретаро бинчу хаамца, Оьрсийчоьнна кхайкхийначу санкцешца йоьзна политика хуьйцур яц Вашингтоно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG