ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курхалла лелорна бехке бина "Чеченфильм" студин белхахой


"Чеченфильман" студехь.
"Чеченфильман" студехь.

"Чеченфильм" студина дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна полицино, курхалла лелорна. Бахьана ду Оьрсийчоьнан културан министро Мединский Владимира инарлан прокуратере латкъам бар. Цунах лаьцна хаам бо "Росбалто".

Цо дийцарехь, "Чеченфильмерчу" продюсерша юха ца делла Iедало шайна делла ахча.

Иштта "Чеченфильм" студина 2011 шарахь, Чехов Антонан дийцар бухе а диллина, "Тоска" кино яккха делла хилла 21,9 млн сом. Ахча схьаэцна, амма кино ца яьккхина. 2014-чу шарахь суьдо декхарелахь йина хилла "Чеченфильм" ахча юхадерзо. Цул тIаьхьа студи йоьхна.

ТIаьхьарчу шерашкахь Нохчийчуьрчу киноца боьзна болчу а, боьзна боцучу а Iедалхоша дIахьедарш дора, иттаннаш кинош яха дагахь ду шаьш бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG