ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яндиевна гIортор ечу акцехь дакъалаьцна 7 стага


Russia - Aslan Yandiev, Yandiyev
Russia - Aslan Yandiev, Yandiyev

Къилбаседа ХIирийчохь теракташ ярна бехке вечу Яндиев Асланна гIортор еш флешмоб олу акци хилла Волгоградехь шотдийнахь.

"Кавказский узело" бинчу хаамца, "#SAVEASLANYANDIEV" тIе яздина плакат, кар-кара а оьцуш, шайн сурташ дехира Вогоградехь гIалин юккъехь 7 жигархочо.

Царах цхьаммо Кругляков Александара бинчу хаамца, акци вовшахтоьхнарг яра "Вайфонд" олу нохчийн гIо-накъосталлан а, адамийн бакъонаш ларйон а вовшахтохаралла. Цо дийцарехь, Яндиевна Оьрсийчу депортаци йина Словакин Iедалша, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаллана хетарг тидаме а ца оьцуш.

Кругляковс дийцарехь, цара дIахьочу акцина тIе тидам бохуьйтуш нах бацара уллехула чекхбуьйлучарна юкъахь.

Теракташ лелийна ву аьлла, бехкевина, Словакера депортаци йина Яндиев Аслан БуьритIерчу къайлахчу сервисийн изоляторчу воьллина. Маршо Радионо яздира, Къилба ХIирийчуьрчу Пригородный кIоштахь ваьхна гIалгIа Яндиев Аслан, Оьрсийчоьнан дехарца Словакино 2011-чу шарахь дуьйна дIалаьцна а латтийна, кху деношкахь Братиславера Москох доьдучу кеманца дIахьажорах. Талламчийн лаамца, Москохара БуьритIе дIакхачийна иза.

2005-2006-чу а шерашкахь Къилбаседа ХIирийчоьнан дозан тIехь герзашца леллачу тобанашца цхьана зуламаш лелийна аьлла, бехкевора Яндиев. Цуьнан гергарчара бакъ ца до, шайн стаг гунахь хилар дохкучу бехкашна. Карарчу хенахь цунна адвокат а лаьцна цара, Яндиевца цхьанакхетар а хилла цуьнан.

Бух боцу бехкаш тIе а дехкина, Iедалхоша цунна тIехь Iазапаш лелорна кхоьру бакъонашларъярхой дуьхьала бара цунна экстрадици яйта.

Талламчаша чIагIдарца, Яндиев лаьттинчу тобанехь хилла кхи а пхи стаг: Цуров Рустам, Хадзиев Iумар, Оздоев Алихан а. Царех кханна Къилбаседа ХIирийчоьнан Лакхарчу кхело ехха хенаш тоьхна набахтехь такха, шиъ вийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG