ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн тIемалоша герз дIадиллина къайле карийна Итум-Кхаьллахь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Герз а, тӀеман гӀирс а дIабиллина меттиг карийна Итум-Кхаьллан кIоштахь. Оьрсийчоьнан ФСБ-н Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, цигахь къайлаяьккхина хилла 4 масатопп а, патармаш чохь долу яьшканаш а, РПГ-7 гранатомет а, РПГ-26 «Муха» олу грнатомет а, РПО «Шмель» олу цIетухург а, гранаташ а, кхин болу тIеман гIирс а, ткъа иштта молханаш а, медицинан гIирс а.

Карийна герз а, тIеман гIирс а таллам бан дIахьажийна Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан экспертийн а, криминалистийн а центре. Гарехь, и герз дIадиллинарш хила мега нохчийн тIемалой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG