ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бериев полисхошка дIавелла хилла гергарчара


Москох. ГIалин кхел.
Москох. ГIалин кхел.

Москох Словакин векалаллана уллехь полисхочунна урс диттина жима стаг Бериев Ильяс полицин белхахошка дIавелла хилла цуьнан гергарчу наха.

Талламхоша бинчу хаамца, Бериев Дышни-Веданахь вина ву 2001-чу шарахь. Кху беттан 27-чохь цо 7-зза урс тоьхна полицин капитанна. Иза цо дина цIеххьана цабезам кхоллабалар бахьана долуш.

"Кавказ.Реалино" яздарехь, Бериев вевзачара вуьйцу амална сиха стаг санна. Ша Бериевс дийцарехь, дукха хан йоцуш, цхьа а бахьана а доцуш цунна йиттина хилла полисхоша. Цундела цо сацам бина хилле хьалха гинчу полисхочунна, тIелатар а дина, иза вен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG