ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицино жоьпе озийнарг кхин компани ю, боху "Чеченфильман" куьйгалхочо  


ООО "Чеченфильм" кинокомпанин куьйгалхо Терекбаев Беслан (аьрро) Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца.

Курхалла лелорна Iедалша бехктакхаман гIуллакх долийна нах шайца юкъаметтигаш йолуш бац, боху ООО "Чеченфильм" кинокомпанин куьйгалхочо Терекбаев Беслана. Цунах лаьцна хаам бо РИА "Новости" агенталло.

Терекбаев дийцарехь, юьуцург ю шайн компанин санна цIе йолуш хилла кхин киностуди. Шаьш цунах дисинчунна жоьпаллехь дац, боху цо.

Хьалхо зорабанан гIирсаша хаам баржийнера "Чеченфильм" студина дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна полицино, курхалла лелорна аьлла. Бахьана ду Оьрсийчоьнан културан министро Мединский Владимира инарлан прокуратере латкъам бар.

Болчу хаамца, "Чеченфильмерчу" продюсерша юха ца делла Iедало шайна кино яккха делла ахча. Иза хилла 2011 шарахь. Чехов Антонан дийцар бухе а диллина, "Тоска" цIе йолу кино яккха делла хилла Iедалан хазнара 2I,9 млн сом. Ахча схьаэцна, амма кино ца яьккхина. 2014-чу шарахь суьдо декхарелахь йина хилла "Чеченфильм" ахча юхадерзо. Цул тIаьхьа студи йоьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG