ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхочунна тIелетта нохчийн кхиазхо лаьцна Москох суьдан сацамца


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Москох Тверан кIоштан суьдо лаьцна Словакин векалаллана уллехь полисхочунна тIелатар дина 17 шо долу Нохчийчуьра кхиазхо. И инцидент хилла дIадаханчу пIераскан дийнахь. Полицин белхахо охьавиллина ву дарбанан хIусаме.

Нохчийн кхиазхочунна бехк биллина низамаш лардечу органийн белхахочунна тIелатар дарна.

Оьрсийчоьнан талламан комитето шен сайта тIехь бинчу хаамца, кхиазхочо дийцина "цIеххьана цабезам кхоллабаларна" дира ша тIелатар аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG