ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Качйина газ тIеэца Европехь порташ яхкар дийцаре деш ду Евробарто а, Iамерко а


Полша -- Iамеркера качйина газ йохьуш деана хьалхара танкер. Манг. 8, 2017
Полша -- Iамеркера качйина газ йохьуш деана хьалхара танкер. Манг. 8, 2017

Iамеркера качйина газ тIеоьцу порташ яхкар хьокъехь хаттар дийцаре деш ду Евроберто а, Цхьаьнатоьхначу Штаташа а. Цунах лаьцна Вашингтонехь Италин премьер-министрца цхьаьна хиллачу зорбанан конференцехь хаам бина президенто Трамп Доналда. Цо дийцарехь, дуьйцург ду 9-11 порт яр. Цунна оьшу ахча дала реза ю Евробартана юкъайогIу пачхьалкхаш.

Евробартаца къийсам дIахьош ю Iамерка Оьрсийчуьра Германе "Северный поток-2" олу газан биргIа тасарна дуьхьал. Цул сов, Вашингтоно кхерам тесна санкцеш кхайкхо газана а, мехкадаьттана а, тоькана а экспорт ян Оьрсийчоьнан проекташна инвестицеш хьажочу компанешна.

"Северный поток-2" газан биргIа яр дIадерзор долуш ду 2019-гIа шо чекхдалале. Иза таса бакъо елла Швецин а, Финляндин а, Германин а Iедалша. Цу проектана дуьхьал ю Балтера пачхьалкхаш а, Полша а, Украина а, Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG