ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iедалхоша бохург ца дахь, берийн бешахь юьсура сан йоI"


Баинова Лидия шен йоIаца
Баинова Лидия шен йоIаца

Абаканера Баинова Лидия экстремизме гIуллакх дуьхьал а даьккхина, бехкееш ю. Талламчаша чIагIдарехь, "ВКонтактерчу "социалан машанехула экстремизме кхайкхамаш беш хилла цо. Ша Лидияс билгалдоккху, шен йозанашкахь цхьана а кепара кхайкхамаш бацара, оьгIазяхначохь язйина яра шен текст аьлла.

- Тоххара ас ойла ца йора оцу хIуман, ткъа хIинца мах хадош аьлча, Оьрсийчохь дешан маршо янне а яц. Шайна цатайначарна тоьпаш тухуш, Сталинан репрессеш лелочу заманахь санна ду. "ВКонтактехь" посташ хIитторна дуьхьал йохучу артиклша аьтто ло къасто, мила ву новкъа. Миллионашкахь наха дукха хIуманаш яздо, амма оцу бехкаца лоцурш цхьаберш бу.

30 шо долчу Баинова Лидияна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх диллина кху шеран Стигалкъекъа-беттан 7-чу дийнахь. ЦIийнах хьовса баьхкича дIаяьхьнера цуьнан компьютер а, дискаш а. Бахьана дара: "ВКонтактерчу" шен пена тIехь Лидияс дина йозанаш. Абаканерчу цхьана ресторанчохь берашна леринчу чоьна чу хIара шен йоIаца йоьдучу заманчохь, цадевзачу бераша "кху чу оьрсий бен буьтуш бац" аларо оьгIазъяхийтинера иза. Оцу берийн наноша, шайн доьзалхошкара барт баккхаран метта, Лидияс бахарехь, кхунна кхерамаш тийса хIиттинера.

- Со Iадийнера. ХIунда аьлча, 90-чу шерашкахь ксенофоби хаалора массанхьа а, оцу тIехула летарш хуьлура…ХIетахь хакасхошлахь дукха бацара оьрсийн мотт хуурш, ткъа хIинца ассимиляци хилла.

ДIоггара цецвала дисина хIуммаъ дац, делахь а со Iадийна, цу кепара хIуманаш вайна юкъахь дисарна. 21-ра бIешераш ма ду дIадоьлхурш. Дайша, наноша а кхетам ца ло шайн берашна. Берий-м бехк ма боций, доьзал чуьра ду дерриг а.

Шайн дайн лаьтта тIехь шех а, шен дех-ненах а хакасашка ларам боцуш Iитталучу мIаьргонех, йиллина лелочу дискриминацех шогаллица Лидияс язйина пост масех кIиранах лаьттира цуьнан пена тIехь. ТIаьхьо цхьаммо и пост бахьана долуш, новкъарло хила тарло хьуна, дIаяккха аьлча, дIа а яйина, репосташ йинчу шен доттагIашка а изза дехар дина хиллера цо. Делахь а, репосташ социалан машанехь йисинера дIаяханза. Кху шеран Охан-баттахь, цул тIаьхьа ахшо зама яьллачул тIаьхьа, шен неIаре нах хIиттича, Iаламат инзаръяьллера иза.

- Дагахь а доцург дара иза! Со Iадийнера, соьца цхьана а кепара дина къамел а доцуш, суна дуьхьал зуламан гIуллакх айдарна. Бехк сайна тIе а лаьцна, экстремизме кхайкхамаш бара сан уьш, хIаъ, аьлла, тIечIагIдан дезара сан, цаьрга ладоьгIча а.

Кехатан шаблон меркIел Iуьттура суна, куьгязде бохуш. Бехк тIелацахь – мел а лахара хан тухур ю хьуна, ца лацахь – мел а лакхара хан кхайкхор ю, суьдхочунна гергахь хьо шога экстремист ю а аьлла бахара соьга.

Цара бахарехь, муьлххачу агIор диллича а - со бехкейолуш гIуллакх дар-кх.

Баинова Лидия
Баинова Лидия

Хакасерчу къайлахчу сервисийн талламчаша зуламан гIуллакх диллира цунна дуьхьал. Лингвистикан экспертизано бинчу талламехь йозанашкахь авторо экстремизман кхайкхамаш бина аьлла жамIаш гайтар дара бехкана бухе диллинарг.

Къаьмнашна юкъахь цабезам гIаттош, хаа а хууш, экстремизме кхайкхамаш бина цо: "Иштта хIума тIехIоьттича революци яккха, карчам бан лаьа пачхьалкхехь. Iедал а, латтанаш а тхан къомана юха а дерзош. Схьадохуш!", аьлла

Бехк тIелаца реза ца хиллера Лидия. ХIунда аьлча, шен йозанашкахь царна карийна маьIна дацарна. Иза уллора евзачарна а, цуьнан доттагIашна а ца хета иза бехке. ФСБ-н белхахошна арздина зудчо прокуратуре.

- Ца еттар а бу боккха къинхетам. Цара бохучунна юьхьанца со тIетайна дела пIелг ца хьакхийра сох. Со кхеташ яра, хеттарш дечуьра ара со кеста йолуьйтур йоцийла. Ткъа сан жима йоI берийн бешара схьаэца стаг вацара. Адвокат цхьана а воцуш хеттарш дира соьга юьхьанца, дехха хеттарш…ТIаьхьа, со шайна дуьхьал яьлча, юха а кхерамаш тийса буьйлира суна.

Дуьххьара дIайигинчу хенахь хеттарш деш кест-кеста суна кхерамаш туьйсура цара. Сан бакъонех ца кхетийра со, компьютер дIахьош цхьана кехатан копи ца ешийтира соьга. Ас хаьттира, бехкзуламан гIуллакх оцу сохьта дуьхьал стенна даьккхина аьлла. Соьга боху:"Хьоьца ловзуш лела хан яц тхан. Шемахь нах бу бойуш, ткъа хьо ловзо еза оха" аьлла.

Лаа дац аьлла хета Лидияна, шена дуьхьал гIуллакх даккхар. 4-гIа шо а ду иза хакасхойн мотт ларбеш, баржош схьайогIу.

– Бехкзуламан гIуллакх, царна хетарехь, тIехсов жигара лелачарна дуьхьал доьллу. Поэт Баинов Моисей сан деда хилла ву. Цундела цуьнан некъа тIехь ю со а. 2015-чу шарахь сайн беро хакасхойн мотт Iамо лиира суна.

Сайн деден байташ а, туьйранаш а юха зорбане даха йоьллера со. Оьрсийн маттара хакасхойн матте даьхна туьйранаш дара сан. И дерриге а стенна леладора, сайн берана а, суна а интересе хилийта и мотт Iамош, лаахь кхечунна а марзбеш.

Вуьшта мотт Iаморехь тхан гIирс банне а ма бац. Айхьа цхьа бахьанаш леладо ахь. Мичча хьо водахь а, дуккха а хIума тIетоьаш ца хуьлу. Со дIалакъо лууш хир ву-кх цхьаъ, хIунда аьлча, ас дукханхьа кехаташ ма яздина, Iедалхойн сайташкахь а тIехь. Мотт ца байта, мотт Iамо интересе хилийта лелош ма ду ас и дерриг а.

Баинована хетарехь, ма -дарра аьлча, лакхара охьадеана омра кхочушдан арабевлла къайлахчу сервисийн белхахой. Кегий къаьмнаш шайн куьйгакIел латто гIерта Iедал, цундела уьш кхеро беза.

- Оцу ас язйинчу постехь ерриг эмоцеш яра, кхин совнах хIума а доцуш. Со цхьа а сийсазван я аьшнашван гIерташ а яцара. Дуккхаъчу наха гIортор а йира суна, шайн а Iиттало проблемаш а ялхийра цара. Суо бехкеяр суна ца оьшу, церан коьрта Iалашо еккъа план кхочушъяр, билгалояр хиларна.

Школашкахь профилактика ярхьама, масала, кхара суна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх гIаттийна. МаьIна хIун ду цигахь? Тхо ишта а тасаделла дохку, халла хене дуьйлуш. Оцу юккъехула Iедало хьо юьхьарлоцу.

Карарчу хенахь талламаш дIахьош бу Баинова Лидиян гIуллакхан хьокъехь. Материалаш кхеле маца кхачор ю, хууш дац.

Цкъачунна дехьа-сехьаяларца дозанаш тоьхна дац цунна. Оьрсийчоьнан Зуламан кодексан 280-чу артиклца пхеа шаре кхаччалц набахтехь яккха хан йогIу оцу зудчунна. Кхелан практикано гайтарца, дукхачу хьолахь цу кепарчу гIуллакхашна арахь яккха хенаш етта, наггахь нисло цхьана шарера кхаа шаре гергга хенаш тухуш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG