Улус-Кертахь нохчийн тIемалоша байина десантхой базбеш шуьйра мероприятеш вовшахтохарх лаьцна омра дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.
2000-чу шарахь Оьрсийчоьнан тIеман картанашна тIехь 776 аьлла билгалъяьккхинчу лакхенехь Басаев Шемилан а, Хаттабан а тIеман тобанашна дуьхьалбевллера Псковерчу десантхойн 6-чу ротера эскархой. Хиллачу тIамехь царах 86 стаг вийра нохчийн тIемалоша. Дийна висинера 6 эскархо.
Иза вуно доккха хуьнар гайтар лоруш ду Оьрсийчохь. Стохка Улус-Кертана гергахь хIоллам хIоттийра, цу десантхошна хьажийна, Нохчийчуьрчу Iедалша дакъа а лоцуш.