ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Колонехь ницкъ бинчу тутмакхе къинтIера валар дехна ФСИН хьаькамо


Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдаран федералан сервисан (ФСИН) куьйгалхочуьнан когаметто Максименко Валерийс къинтIера ваьккхина Ярославлан кIоштарчу колонехь белхахоша къиза хьийзийна волу тутмакх Макаров Евгений. Цунах лаьцна хаам бина "Говорит Москва" радион эфирехь.

Хилларг бахьана долуш Максименкос иштта къинтера довлар дехна Макаровн гергарчаьрга а, ша юьхьIаьржа ву шайн белхахоша лелийнарг бахьана долуш аьлла.

Стохка Мангалан-баттахь Ярославлан кIоштарчу №1 колонехь кIиза йиттинера цигахь хан токхучу Макаров Евгенийна. Талламан комитето таллам болийна. Цу урхаллан белхахоша теллина "Новая газето" шотдийнахь зорбане яьккхина видео. Иза яьккхина ю цхьана белхахочуьнан видеорегистраторо.

Видео тIехь гуш ду федералан таIзарш кхочуш дон сервисан белхахойн духар доьхначу масийтта стага, хийца а луш, тIера хIуманаш дIаяьхна волчу Макаровна чхьонкарш еттар а, коьрта тIе хи деттар а.

Видео зорбане яьллачул тIаьхьа долийна талламан комитето бехктакхаман гIуллакх. Бакъонашларъярхойн аьтто баьлла Макаровна етташ дакъалаьцначу 12 стеган цIерш къасто. Верриг а и зулам деш дакъалоцуш хилла 18 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG