ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джемал Орхан а, цуьнца хилла Оьрсийчуьра ши журналист а вийна Юккъерчу Африкан Республикехь


Джемал Орхан. 11Манг2018
Джемал Орхан. 11Манг2018

Журналист Джемал Орхан а, оператор Радченко Кирилл а, режиссер Расторгуев Александр а вийна Юккъерчу Африкан Республикехь, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Уьш хилла "Вагнеран ЧВК" олучу долахь йолчу тIеман компанех лаьцна документалан филм йоккхуш.

Болчу хаамца, журналисташ кхалхар тIечIагIдина цу пачхьалкхарчу Оьрсийчоьнан векалаллан а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан миссин а, ткъа иштта меттигерчу Iедалан а векалша.

Журналисташ совцийна хилла цхьанна а юй хууш йоцучу блокпостехь. Интерфаксан хьастано дийцарехь, уьш байина хIуманаш а, ахча а дIадаккха гIоьртинчу талорхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG