ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь ницкъ бинчу нахана гIо дан акци йолийна бакъонашларъярхоша


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Полицин даъошкахь а, талламан изоляторшкахь а, колонешкахь а ницкъ бинчу нахана латкъам бан аьтто беш телефонца зIе схьайиллина "Зона права" бакъонашларъярхойн вовшахтохаралло, хаам бо Маршо Радион оьрсийн сервисо.

Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь дуьйна 15-чу дийне кхаччалц бакъонашларъярхоша, телефонашна хьалха а хевшина, болх бийр бу лецначу нахана ницкъ барх а, ницкъаллийн структурийн белхахоша адамаш дайарх а лаьцна хаамаш гулбеш.

2017-чу шарахь "Зона права" вовшахтохараллан белхахойн аьтто белира эшам хиллачу нехан цIарх Оьрсийчуьрчу суьдашкахь 470 эзар сом а, Европерчу адамийн бакъонашкахула кхелехь 139 эзар евро а ахча даккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG