Бохам хилла Соьлж-ГIаларчу Ленинан-кIоштахь. Нохчийчуьрчу прокуратуро бинчу хаамца, 2 шо долу йоI, хьожуш стаг а воцуш, ша цхьаъ цIахь йитина хилла тIекIелдинчу цIийнан доьалгIачу тIегIанерчу петарахь. Мухха делахь а, корех чуйоьжна иза.
Болчу хаамца, йоI дIакхачийна хилла Соьлж-ГIаларчу берийн клинике. Амма хиллачу чевнех еллла иза.