ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнаметта маситта стеган зIе латто аьтто бина WhatsApp-о


"Къамел деш, 2 миллиард минот йойъу тхан мессенджерх пайда оьцучу наха хIора дийнахь. Оха хазахетарца хаам бо, тахана дуьйна тхаьш WhatsApp-хь керла аьтто юкъабоккхуш хиларх лаьцна – тобанашкахь аудио а, видео а юкъаметтигаш латтор", - даладо WhatsApp-ан векалийн дIахьедар РИА Новости агенталло.

Цхьаьнаметта аудио а, видео а къамел деш дакъалаца аьтто хир бу 4 стеган. Цу аьттонах пайда эца цхьана стаге WhatsApp тоха еза, цул тIаьхьа тIетоха беза кхиберш, скринан лакхарчу аьтто агIонехь гучуйолу симбол тIе а таIийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG