ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джемалан а, Радченкон а, Расторгуевн а декъий Оьрсийчу кхачор ду Марсхьокху-беттан 4-хь


Джемал Орхан.
Джемал Орхан.

Юккъерчу Африкин Республикехь вийначу журналистан Джемал Орханан а, операторан Радченко Кириллан а, режиссеран Расторгуев Александран а декъий Оьрсийчу кхачор ду кху Марсхьокху-беттан 4-чу дийнахь. Цунах лаьцна Оьрсийчуьрчу хаамийн агенталлашка хаам бина Талламашна урхалла дечу центран (Центр управления расследованиями) куьйгалхочо Коняхин Андрейс.

Оьрсийчуьрчу журналистийн тобанна тIелатар даран бахьанаш дуьйцуш, Коняхина билгалдаьккхина, хьалха хьахийна верси коьрта юьсуш ю аьлла. Интерфаксан хьастано хьалхо дIахьедар динера, Джемал а, цуьнан шина накъост а вийна хIуманаш а, ахча а дIадаккха гIоьртинчу талорхоша аьлла.

Журналисташ байина хилар тIечIагIдина цу Юккъерчу Африкин Республикерчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан миссино. Журналисташ совцийна хилла герзашца хиллачу наха цхьана блокпостехь Товбеца-беттан 30-чу дийнахь.

Уьш хилла Юккъерчу Африкин Республикехь "Вагнеран ЧВК" олучу долахь йолчу тIеман компанех лаьцна документалан филм йоккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG