ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн министршна дуьхьал санкцеш кхайкхийна Iамеркко


Туркойчоь -- Iамеркера пастор Брансон Эндрю лаьцна латтош ву туркоша. Измир, Товб. 25, 2018
Туркойчоь -- Iамеркера пастор Брансон Эндрю лаьцна латтош ву туркоша. Измир, Товб. 25, 2018

Туркойчоьнан шина министрна санкцеш кхайкхийна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Вуьйцург ву Туркойн чоьхьарчу гIуллакхийн министр Сойлу Сулейман а, юстицин министр Гуль Iабдулхьамид а.

Вашингтонна хетарехь, и шиъ бехке ву Iамеркера пастор (мозгIар) Брансон Эндрю лаьцна набахтехь латторна.

Туркойн Iедалхошна санкцеш кхайкхийна, "Магнитскийн актца" а догIуш. Цу низамо бакъо ло Iамеркан финансийн министраллана цхьацца дехкарш дуьхьалдаха адамийн бакъонаш йохийначу нахана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG