ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЗаьIап берашна хьажийна берийн беш хир ю Соьлж-ГIалахь


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Гергарчу деношкахь заьIап берашна хьажийна берийн беш схьайоьллур ю Соьлж-ГIалахь. Цунах лаьцна «ВКонтакте» хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цо дийцарехь, таханлерчу дийнахь Нохчийчохь болх беш ю жимачу берашна хьажийна йолу 430 берийн беш. Керлачу "Туьйранан гIала" цIе йолчу хIусамехь кестта тIеоьцур ду 105 бер. Цигахь, кхин долчуьнца цхьаьна, церан аьтто хир бу пайда эца спортан а, музыкан а чоьнех а, ткъа иштта бассейнах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG