2019-чу шеран тIеман бюджетах лаьцна низам тIеэцна Iамеркин Сенато. Цуьнан барам бу 717 миллиард доллар. Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь финансийн шо долалуш ду ГIадужу-беттан (Октябрь) 1-чу дийнахь.
Цу ахчанах 69 миллиард доллар хьажийна махкал арахьарчу тIеман операцешна.
ДIадаханчу кIиранах, кхаж а тесна, и документ тIеийцира Iамеркин Конгрессан векалийн чоьно. ХIинца цу низаман проектана тIе куьг таIо дезаш ву президент Трамп Доналд.
Конгрессо тIеэцначу низамца а догIуш, 15 эзарна алсамдоккхуш ду Iамеркан эскархойн терахь. Кхечу дакъошна юкъахь ду Туркойчоьнна F-35 тIеман кеманаш дохкар дехкар.
И гIулч Вашингтоно яккхаран бахьана ду Хонкъаро Оьрсийчуьра С-400 зенитан ракетийн комплексаш эца барт бар.