ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Деши доккхучу метте кхача дагахь хилла Африкехь байина журналисташ


Юккъерчу Африкин Республикехь байина Оьрсийчуьра журналисташ дагахь хилла "Путинан кхачакечбархочуьнан Пригожин Евгенин ю бохуш йолчу компанино деши доккхучу метте кхача дагахь, хаам бо Маршо Радион оьрсийн сервисо.

Товбецан-баттахь Африкерчу Africa Intelligence зорбанан гIирсо хаам бинера, Оьрсийчоьно Юккъерчу Африкин Республикан Iедалшца барт бина Ндассима олучу меттехь деши даккха аьлла. Иза деш цхьа биллам бара – цу регионехь къепе хIоттор.

Цу меттехь болх бан безаш хилла, Africa Intelligence-о дийцарехь, Оьрсийчьрчу "М-Инвест" компанино кхоьллина йолу Lobaye Invest компани. Шен агIор "М-Инвест" йоьзна ю "Вагнеран ЧВК" олучу долахь йолчу тIеман компанин долахо ву бохучу Пригожинца.

Africa Intelligence-о чIагIдарехь, "Вагнеран ЧВК-н" эскархой Lobaye Invest-на болх беш бу, деши доккхучу меттигашка кхоьхьуш болу гIирс ларбеш.

Джемал Орхан а, Расторгуев Александр а, Радченко Кирилл а вийна Товбецан-беттан 30-чу дийнахь.

Болчу хаамца, цу дийнахь уьш Бамбари гIалахь цхьаьнакхета дагахь хилла, Оьрсийчьурчу тIеман инструкторех лаьцна а дуьйцуш, Ндассимехь филм йоккхуш журналисташна накъосталла дийр ду аьлла волчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан структуран белхахочуьнца.

Джемал а, цуьнан ши накъост а новкъаваьлла хилла цу стагаца цхьаьанкхета ваха, амма, хууш доцучу бахьанашца, кхечу метте вахана.

Уьш кхалхар муха хилла а билггал хууш дац. Цхьана версица журналисташ байина цьаргахь йолу хIуманаш дIаяхар Iалашонца, уьш тIехь болчу машенна, кIело а йина, герз а тухуш.

Кхечу версица журналисташ тIехь болу машен леррина сацийна хилла, уьш, охьа а биссийна, лебина, цул тIаьхьа байина.

Иштта хууш дац, журналисташ дIабуьгуш хилла машенлелорхо дийна муха висина. Шаьш кхалхале цхьа де хьалха Джемал а, Расторгуев а, Радченко а гIоьртина Оьрсийчьура эскархой мехах цу махкара къоман гварди Iамош болчу Беренгохь йолчу тIеман базе кхача.

Амма журналистийн иза дан аьтто ца баьлла, Юккъерчу Африкин Республикан тIеман министраллера бакъо ца хилар бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG