ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Лечкъийна дIа а бигина, тIехь ницкъ а бина, байина уьш"


Джемал Орхан, Расторгуев Александр, Радченко Кирилл
Джемал Орхан, Расторгуев Александр, Радченко Кирилл

Юккъерчу Африкан Республикехь журналист Джемал Орхан а, режиссер Расторгуев Александр а, оператор Радченко Кирилл а байарх кеп-кепара версеш гучуюьйлу - дукхахболу хаамаш вовшашца бIостане бу, я цхьа а верси бакъ ю аьлла къаьстина а дац.

Дийцарехь, Ходорковский Михаилан проектана Юккъерчу Африкерчу оьрсийн эскархойх а, "Вагнеран ЧВК" тIемалойх а документалан филм яккха бахначу журналистийн декъий тIедогIучу шоьтадийнахь Оьрсийчу кхачор долуш ду. И хаамбина талламашна тIехь урхалла латточу Центран (ЦУР) хьалханчас Коняхин Андрейс.

Юккъерчу Африкехь а, Африкан кхечу пачхьалкхашкахь а Оьрсийчуьра йолахой хиларх шуьйрра деша таро ю Маршо Радион оьрсийн сервисан материалашкахь.

Кхаарин суьйранна дуккхаъчу зорбанаша Африкан Palmarescentrafrique.com хьостанна тIе а тевжаш, Iорадаьккхира меттигерчу Iедалхоша мухха дийцахь а, Джемал а, Расторгуев а, Радченко а кIелойина байина бац, цкъа совца а бина, лачкъийна дIа а бигина, тIехь Iазапаш лелийна, цул тIаьхьа дагах герзаш детташ, байина аьлла.

Palmarescentrafrique.com сайто чIагIдарца, "Селекан" тобанхоша дина зулам ду и, шайн лидеран Махамат ал-Хатим Нуредин Адаман омраца. Официалан Iедалхоша а, Юккъерчу Африкехь болх бечу кхечу пачхьалкхашкарчу бахархоша а хьалхо и кIошт маьрша, паргIат ю баьхнехь а, и зулам дина меттиг шайн карахь латтош ю "Селека" тобано.

Palmarescentrafrique.com сайто зорбане даьккхина вийначу шиннан: Джемал Орханан а, Расторгуев Александран а декъийн суьрташ. ЦУР-ан куьйгалхочо Коняхин Андрейс бакъдина, суьрташ тIехь верг и шиъ хилар.

Киногруппана динчу тIелатарехь талораш а динчух тера ду, хIунда аьлча, байинчийн белхан накъосташа дийцарехь, цаьргахь некъана аьлла 8, 5 эзар доллар гергга ахча а, езачух шиъ видеокамераш а яра. Делахь а, цкъачунна муьлш бу цахуучу зуламхоша тIелатар даран цхьа кхин бахьанаш хила а тарло. ООН-о тIеэцначу Юккъерчу Африкан Республикан Бангерчу Iедалан векалша юьхьанца дуьйнна элира, шайн коьрта дуьхьалончаша, бусулба "Селека" боламан гIаттамхоша дина и зулам аьлла, шеконаш ю шайн.

Журналисташ баинчу меттигна 23 километар генарчу Сибю гIалин цхьана хьаькамо а дIахьедора, кIело а йина, шайн машенчохь ца байина уьш, цкъа цхьан йоццачу ханна йийсаре лецира уьш "Iарбойн мотт буьйцучу, тюрбанаш техкинчу иттех стага" аьлла.

Хиллачу зуламан цхьа теш ву, киногруппан воьалгIа декъашхо, машенлелош хилла меттигера вахархо. Хууш дац, муха аьтто баьлла цуьнан дийна виса, - дийцарехь, ведда ваьллачу цо хаамбина полицига журналисташ байарх.

Некъан йистехь карийна журналистийн декъий Iедалан салташа меттигерчу ООН-ан миссин дарбан цIийне кхачийнера.

Джемал а, Расторгуев а, Радченко а меттигерчу Iедалхоша чIагIдарехь, байначу беттан 30-чохь суьйранна 7 сахьт долучу хенахь, садайначул тIаьхьа Сибю гIалара дIабаханера, шайца къамелаш динчу цигарчу бахархоша а, Iедалхоша а кхераме ду бохуш, дIахьединнашехь.

ЦУР-ан хьалханчас Коняхин Андрейс бахарехь, бахьана хууш дац, амма вийначу кхааммо а ах некъ дIабинчул тIаьхьа шайн маршрут хийцина хилла. "Цхьана постах бевллачул тIаьхьа, 20 километар Малхбалехьа дIагIоьртина хилла уьш", - аьлла Коняхина.

Байначу беттан 28-чохь кхаьчнера Юккъерчу Африке Джемал, Расторгуев, Радченко а. Цаьргахь цхьанггехь а ца хилла журналистан аккредитаци, Оьрсийчоьнан векалтна царех хууш кIад а ца хилла, туристийн визаца бахана хилла уьш цу пачхьалкхе. ТIаьххьара журналисташ цуьнца зIене бевлла хилла, Коняхина бахарехь, кIирандийнахь.

Юккъерчу Африкехь диктатор лаьттинчу Бокасса Жан- Беделян резиденци, Бангана Къилбехьа йолчу Беренгон дIатесначу хIусаме баха гIоьртинера уьш юьхьанца. Цигахь куп тоьхна хилла оьрсийн йолахоша. Амма хууш дац, хьан дуьхьало йина хилла царна цига кхача.

Кху карти тIехь цIечу тIадамца билгало йина Беренго олучу цIийнан а, байинчара юьхьарлаьцначу маршрутийн а, Оьрсийчоьнан тIеман объекташ лаьтта меттигийн а.

ТIаьхьо "Дождь" телеканална ЦУР-ан куьйгалхочун гIовсо Горшкова Анастасияс дийцарехь, Джемал а, Расторгуев а, Радченко а шайн консультантца Мартинца Бамбарехь цхьанакхета боьлхуш хилла.

Мартина лехна хилла царна, дийна висина, машенца уьш дIасалелош хилла шофер а. Меттигерчу ООН-ан миссин белхахоша машенлелорхо тешаме хилар тIечIагIдина а хиллера.

Ткъа ООН-ан Москохарчу Информцентран куьйгалхочо Кузнецов Владимира, ООН-ан миссин пресс-секретаран хаамна тIе а тевжина, дIахьедира кхааридийнахь, "шаьш оьрсийн журналисташна я машен а, я шофер а велла цахиларх".

ЦУР-ан хаамашца, Бангехь меттигерчу полисхоша ахча дехна хиллера кино йоккхучу тобанера, бакъо йоцуш видеоаппаратура лелорна. 120 долларшкахь ахча делла а хиллера цара полисхошна. Делахь а, шоферан лелар тамашен хеттера царна - юьхьанца дуьйнна коррупцица йоьзначу полицица къамел цхьана дарна аьлла Маршо Радионе ЦУР-ан куьйгалхочо Коняхин Андрейс:

Официалехь Iедало а, "Селекос" а, кхечу тобанхоша а контрол тIехь латто зонаш ю Юккъерчу Африкан Республикан карти тIехь билгалъяьхна.

Иштта къаьстина, дийна висинчу машенлелорхочо дийцарехь, Бангера Бамбарехь волчу Мартинна тIекхача йисинарг 400 километар хилла. Ткъа шина дийнахь гергга некъ бан безаш хилла цига догIанаш бахьанехь некъаш ледара хиларна а, кеп-кепарчу блокпостех, талорхойх чекхбийла дезарна а.

Оцу юкъанна цхьаболчу говзанчаша а, дуьненаюкъарчу организацеша а, Юккъерчу Африкехь болхбечара а билгалдоккхура, цара юьхьарлаьцна некъ хIоьттинчу хьолехь уггар кхерамзачех а, сихачех а бара аьлла.

Африкан Къилбаседа Малхбузе стенна боьлхуш хилла журналисташ, хIун Iалашо яра церан? Йозуш йоцчу талламан Conflict Intelligence Team (CIT) группано шен верси йовзийтина цу хьокъехь. Царна хетарехь, Iедална дуьхьал лаьттачу тобанашца Оьрсийчуьра цига бахначу йолахойн зIенаш талла лаам хилла церан.

"Вагнер ЧВК-н" гIуллакх Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаца бIостане ду бохург ду и", - аьлла CIT тобан аналитико Михайлов Кирилла.

Юккъерчу Африкан Республикехь болчу Оьрсийчоьнан эскархойн мисси а, Москохан Iалашо а – Африкан Iедалхошна агIо латтор, йоллу пачхьалкхна тIехь контрол латтор юхаметтахIоттор а ду.

- Джемал, Расторгуев, Радченко верах хьан масех верси ю. Царех цхьаъ - церан болх "Вагнеран ЧВК-н" база лаьттачу Бокассан хиллачу резиденцера болор. Циггахь гучу а бевлла, хилларг хилла аьлла. Журналистан балхаца йоьзна йоцу кхи версеш а ю?

- Журналистикаца йоьзна йоцу версеш бакъйийраш Iедал а, Юккъерчу Африкан кер-кепара хьостанаш а ю, къоладархьама дина тIелатар ду бохуш. Делахь а и бахьана а юкъарадоккхийла яц, хIунда аьлча, бандитизм а, рэкет а Юккъерчу Африкехь – даим лаьтташ йолу проблема ю.

ООН-ан рапортехь яздина ду, оцу проблемано пачхьалкхан экономикан садукъош ду аьлла.

Оьрсийчоьнан "Вагнеран ЧВК-ца" бартбан гIертачу "Сенекоца" дузу дина тIелатар цхьаболучара.

Дагадаийта догIу, пачхьалкхан оцу декъахь бусулбачийн "Селекас" дукха хан йоццуш кеп-кепара къизаллаш лелийна хилар. Цундела "Селекана" бехк тIетаттар меттигерчу Iедалшна – Шемас а, Иракъо а даIишхой бехкебар санна хIума ду. Массо а тешар бу!

Юккъерчу Африкан Республикера Iедалхошна дуьхьал лаьтта тобанхой

Юккъерчу Африкан Corbeau News Centrafrique хьосто билгалдаккхара, журналисташ байинчу Сибю гIалана гена йоццучу Дамар гIалахь дукха хан йоццуш цхьана жIугано оьрсийн эскархо вийнера, шайн цо вийначу вахархочунна дуьхьал бекхам беш. Бутт бовш Дамарехь Iедалхошка оьрсийн эскархой пачхьалкхера арабахар тIедожош арабевллера меттигера бахархой.

Джемал, Расторгуев, Радченко веран хьокъехь вистхилла Ходорковский Михаил: "Сан проектца юкъахь болх беш бара и журналисташ. Майра кIентий бара уьш. Со тIаьххьалц догдохуш Iийра, уьш закъалте эцна хир бу, кIелхьарабаха аьтто хир бу-кх бохуш. Сий дойла церан! Ас кадамбо церан гергарчаьрга. Бехкенаш къайла ца бовлийта сайга даларг дийр ду ас".

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министан официалан векало Захарова Марияс иштта дIахьедина, журналисташ байарх шена хетарг олуш:

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG