ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен салонийн маша бузуш ю Нохчийчохь МТС


Кху аьхка керла салонаш ехкина Нохчийчохь МТС телекоммуникацин компанино. Иштта sevkavportal.ru сайто дийцарехь, керла офисаш схьайиллина цо Соьлж-ГIалахь а, Устради-гIалахь а, ТIехьа-МартантIехь а.

Керлачу салонашкахь бахархойн аьтто бу шайн телефонаш МТС-н мобалан зIенаца хотта а, спутникан телевизионан каналаш тIетаса а, цхьанна гIоленех ахча дIадала а, интернет эца а, иштта дIа кхин а.

Карарчу хенахь Нохчийчохь болх беш ю МТС-н 13 салон. Кхин а цу тайпа ши меттиг схьайоьллур кестта ю Соьлж-ГIалахь а, Эвтарахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG