ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хенал хьалха пенсеш дIалур ду Нохчийчохь


Нохчийчоь.
Нохчийчоь.

Нохчийчохь Гезгмашин-беттан пенси дIалур ду хенал хьалха, хаам бо "Чечня сегодня" агенталло. Иза доьзна ду ГIурба дерца. Цу хьокъехь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане оьшуш долу кехат хьажийна республикан пенсийн фондан куьйгалхочо Ахмадов Мохьмад-Эмина.

Цо дийцарехь, федералан центро къобалдина ГIурбанан де даздан нехан аьтто хилийта Гезгмашин-баттахь (Сентябрь) дIогIаш долу пенсеш кху баттахь дIадалар.

Ахмадовс бинчу хаамца, ахча дIадала долор ду кху Марсхьокху-беттан (Август) 15-чу дийнахь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG