Соьлж-ГIалахь нехан доларчу хIусамехь къола дарна шеко йолуш 28 шо долу жима стаг лаьцна хилла полицин белхахоша талор дар толлуш, хаам бо chechnyatoday сайто. Цуьнан цIе йоккхуш яц. Талламхоша левеш иза къера хилла ша нехан чуваьлла хиларна.
Жимачу стага дийцарехь, Соьлж-ГIалахь Николаевн урамерчу нехан доларчу хIусамера цо дIаяьхьна 600 эзар сом а, "Асер" ноутбук а, хIусамден куьйгахдоьхку механа деза сахьт а.
Таллам дIабирзича кхел йир ю талорхочунна.