ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь механа даздина доза хадо оьшу паспорташ


Товбецан-бутт болалуш Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIе куьг таIийнера Пачхьалкхан Думо тIеэцначу доза хадо оьшучу паспортах а, машен лело бакъо лучу кхузаманахьлерчу кехатех а лучу ахчанан барам алсамбаккхарх лаьцначу низамна. Иза болх бан доладелла кху баттахь дуьйна.

Керлачу низамца а догIуш, махкал араволучу кхузаманахьлерчу паспортан мах бу 5000 сом. Цу тайппа берашна лучу паспортах доккху 2500 сом.

Пластикан машенлелорхочуьнан кехатан мах бу 3000 сом.

Ткъа транспортана регистраци еш лучу пластикан документах хIинца дала деза 1500 сом. ХIинццалц цуьнан мах бара 500 сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG