ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох векалаллехь шпион хилла хилар харц дина Iамерко


Дилина сурт.
Дилина сурт.

Iамеркин къайлахчу сервисо бакъ ца до шайн Москох йолчу векалаллехь 10 сов шарахь болх беш Оьрсийчоьнан шпион хилла бохург.

Шайн дипмиссехь болх беш хиллачу зудчо Оьрсийчоьнан лерринчу сервисашца юкъаметтигаш лелор цуьнан белхан декхар дара, боху Iамеркин векалша.

Къайлахчу сервисо чIагIдо, Оьрсийчоьнан махкахочуьнан аьтто бацара къайлаха хаамашна тIекхача бохуш.

Iамеркин Москох йолчу векалаллехь, могIарера болх беш ю а бохуш, 10 сов шарахь шпионаж лелош хилла Оьрсийчоьнан шпионо аьлла, яздинера Британерчу The Guardian газето, шайн лерринчу сервисерчу хьастана тIе а тевжаш.

ХIинца и материал сайта тIера дIаяьккхина, хаам бо "Би-Би-Си" оьрсийн сервисо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG