ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркерчу пасторна гонах иккхина дов дIадерзо дагахь ю Туркойчоь


Туркойн арахьарчу гIуллакхийн министр Чавушоглу Мевлют а (аьрру агIор), Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Помпео Майк а. 2018.
Туркойн арахьарчу гIуллакхийн министр Чавушоглу Мевлют а (аьрру агIор), Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Помпео Майк а. 2018.

Iамеркера пастор Брансон Эндрю лацарца иккхина дов дIадерзо дагахь бу Туркойчоьнан куьйгалхой. Цунах лаьцна дIахьедар дина туркойн арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта, Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарца Помпео Майкца шен хилла цхьаьнакхетар дIадирзинчул тIаьхьа.

Дагадовларш хилла Сингапурехь, Къилба-Малхбалерчу Азера пачхьалкхийн бертан форум дIайоьдучу декъана.

Iамеркан пачхьалкхан департаментехь дIахьедар дина Туркойчоьнца дагадовларш дIадахьа дагахь ду шаьш аьлла, хаам бо Reuters.

Пастор Брансон Эндрю Туркойчохь веха 20 сов шо ду. 2016-чу шарахь иза лецира полицино махкахь Iедал карчо гIортарца доьзна гIуллакх толлуш. Вашингтон иза цIаверзо гIерташ ю.

Кху кIиранах Туркойчоьнан шина министрна санкцеш кхайкхийна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Вуьйцург ву Туркойн чоьхьарчу гIуллакхийн министр Сойлу Сулейман а, юстицин министр Гуль Iабдулхьамид а.

Вашингтонна хетарехь, и шиъ бехке ву Iамеркера пастор Брансон Эндрю лаьцна набахтехь латторна. Туркойн Iедалша цу хьокъехь дIахьедар дина, "кхерамаш туьйсу мотт лело" мегар дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG