ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Темерханов Юсуп Гелдаганахь дIавуллур ву кIиранан дийнахь


Гелдаганахь Темерханов Юсуп кхалхарна хIоьттинчу тезетахь.
Гелдаганахь Темерханов Юсуп кхалхарна хIоьттинчу тезетахь.

Омскерчу дарбанан хIусамехь кхелхина Нохчийчоьнан махкахо Темерханов Юсуп дIавуллур ву Гелдаганахь кIиранан дийнахь. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион корреспонденто. Хьалхо хаамаш баьржинера, Омскера таIзарш кхочушдон федералан сервисан урхалланна (УФСИН) реза хилла, Темерханов гергарчаьрга дIавала аьлла.

"Кавказский узело" яздарехь Темерхановн гергарнаш пIераскан дийнахь новкъабевлла Омске.

Хьалхо Буданов Юрий верна хан токхуш волу Нохчийчоьнан махкахо Темерханов Юсуп велла Омскерчу дарбанан хIусамехь, цуьнан дегIаца хиллачу цамгарех, хаам бира РИА "Новости агенталло, цу кIоштарчу таIзарш кхочушдон федералан сервисан урхалланна (УФСИН) векална тIе а тевжаш.

"Иза велла гIалин дарбанан хIусамехь. Цига иза дехьаваьккхинера таIзарш кхочушдон федералан сервисан дарбанан цIийнера. Иза дехьаваккха сацам бинера Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь, цуьнан могашалла талхар бахьана долуш. Цуьнан яра дӀа ца йолу цамгаршца йоьзна халонаш. Царах велла иза", - аьлла ду УФСИН-о бинчу хаамехь.

ПIераскан Iуьйранна Темерхановн шичас "Кавказ.Реалии" сайте аьллера, тутмакх Омскан кIоштарчу набахтин дарбанан хIусамехь велла, хууш доцучу бахьанашца аьлла. Цо дийцарехь, Омскан кIоштарчу колоне дIакхачийча во хиллера Темерхановна. И бахьана долуш госпитале охьавиллинера иза.

Пхи шо хьалха Темерханов Юсуп, 15 шо хан а тоьхна, чувоьллира 2011-чу шарахь Мангал-баттахь Буданов верна. И стаг, 10 шо хан а тоьхна, чувоьллинера, Нохчийчохь, хьийза а йина, 18 шо долу йоI ерна. Амма 6 шо даьллачул тIаьхьа хенал а хьалха дIахицира иза колонера.

2011-чу шарахь Мангал-баттахь Москох вийра Бданов. Талламхойн версица, Темерханов Юсупа 8-зза тапча тоьхнера Будановна. Кхело сацам бира цо иза дина, цу стаге цабезам хиларна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG