Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIе куьг таIийна тIетоьхначу мехах йоккхучу йолан (НДС) барам 18 тIера 20 проценте кхаччалц алсамбаккхарх лаьцначу низамна.
Цу хьокъехь долу документ арахецна низамийн хаамийн официалан порталехь. Путина тIечIагIдина и низам болх бан долалур ду 2019-чу шеран Дечкен-беттан (Январь) 1-чу дийнахь дуьйна.
НДС – йохкархочо йоккхуш йолу нисса дIа йоцу ял ю, эцархочо луш йолу. Цу кепара йолан барам алсамбаккхаро дестор ду мехаш.
Йолан барам тIетохарна дуьхьал акцеш хилира Оьрсийчохь.