ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Макгрегор летар ву Нурмагомедовца ГIадужу-беттан 6-чу дийнахь


UFC-н латархо Макрегор Конор Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца.
UFC-н латархо Макрегор Конор Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца.

Ийначу кепехь летачу дуьненаюкъарчу UFC-н (Ultimate Fighting Championship) къовсадаларшкахь Дагестанера Нурмагомедов Хьабиб летар ву Макрегор Конорца ГIадужу-беттан (Октябрь) 6-чу дийнахь. Цунах лаьцна дIахьедар дина UFC-н куьйгалло, яздо Маршо Радион оьрсийн сервисо. Латар хир ду Лас-Вегасехь.

​Нурмагомедов карарчу хенахь UFC-н (яй йозалла) чемпион ву. Шен карьерехь ца эшна иза цкъа а.

UFC-н (Ultimate Fighting Championship) латархо Нурмагомедов Хьабиб.
UFC-н (Ultimate Fighting Championship) латархо Нурмагомедов Хьабиб.

Ирландхо Макгрегор чемпион ву, ах яйн йозаллехь леташ волу. Шен карьерехь иза кхузза эшна.

Кхушеран Охан-баттахь Нью-Йоркехь Макгрегора тIелатар дира Нурмагомедов чохь волчу автобусна. Латархо лецира полицино. Иза къера хилира ша бехке хиларна. И бахьана долуш Макгрегорна дина таIзар малдира, 5 дийнахь белхаш бан а, оьгIазаллана Iуналла даран курсех чекхвала а иза декхарехь а вина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG