ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Reuters: Iамерко "дукха шийла" тIеэцна Оьрсийчоьно Шема хьокъехь кховдийна некъ


Шема. Оьрсийчоьнан тIеман машен ю Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан миссин машенна хьалхаяьлла.
Шема. Оьрсийчоьнан тIеман машен ю Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан миссин машенна хьалхаяьлла.

Оьрсийчоьнан тIеман инарлин штабан куьйгалхочо Герасимов Валерийс "къайлаха кехат" хьажийна хилла Iамеркан армин буьйранче Данфорд Джозефе, Шема юхаметтахIоттош Оьрсийчоьнан Iедалша кечйина гIулчаш юьйцуш. Цунах лаьцна хаам бо Reuters агенталло, цу кехата тIехь дерг дуьйцучу шайгахь долчу документан тIе а тевжаш.

Герасимовс кехат дахьийтина хилла Товбеца-беттан 19-чохь, ХIелсинкехь Путин Владимир а, Трамп Доналд а цхьаьнакхеттачул тIаьхьа кхо де даьлча. Цу тIехь инарлин штабан куьйгалхочо Вашингтоне некъ кховдийна Асад Башаран ницкъаш Iуналла дечу меттигашкахь йохийна инфраструктура меттахIоттош цхьаьна болх бар хьокъехь.

Амма и некъ дукха шийла тIеэцна Вашингтонехь. Iамеркахошна хетарехь, цу тайпа план тIеэца мегар ду, нагахь Шемара кризис дIаерзор Iалашонца политикан некъ карабахь, шена юкъахь дуьненаюкъаралло тидам а беш, бозуш боцу харжамаш дIабахьар а долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG