ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан векал хIоттийна актер Сигал Стивен


Сигал Стивен (аьтту агIор) президентца Путин Владимирца.
Сигал Стивен (аьтту агIор) президентца Путин Владимирца.

Iамеркера актер Сигал Стивен хIоттийна оьрсийн-Iамеркан гуманитаран уьйрашкахула волу Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан леррина векал.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн Москох векал хиллачу Макфол Майкла цунна комментари йина. "СабӀарзделлар", - яздина цо шен твиттерехь, Оьрсийчоьнан дипломатин хьукмато бина хаам а гойтуш.

ТIаьхьо оццу твиттерехь цо кхин цхьа материал хIоттийна: "Сигал хIинца оьрсийн махкахо ву? Иза "самукъане" хир ду".

Iамеркан Пачхьалкхан департаменто комментари ца еш битина и хаам.

Iамеркан актерна Сигал Стивенна Оьрсийчоьнан вахархочун бакъо елира президенто Путин Владимира 2013-чу шарахь Зазадоккху-баттахь. Кремлан сайто бира и хаам. Оьрсийчоьнан вахархочун бакъо оьшу шена масех баттахь доттагIашца Москох хан яккхархьама аьлла, 2016-чу шарахь Гезгамашин-баттахь къадийнера Сигала.

ТIаьххьарчу хенахь масийттаза хилира Сигал Оьрсийчохь, Нохчийчохь, ГIирмехь. Путин Владимира хьалхо иштта Оьрсийчоьнан паспорташ делира Депардье Жерарна а, боксерна Джонс Ройна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG