ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Идлибна тIетаIа аьлла хьехна Кадыровс Шемарчу Iедалхошна


Шемара Идлиб гIала нуьцкъаша шайн караерзо еза пачхьалкхан Iедалхоша аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, цунна хетарехь, цигахь гулбелла "Джебхат-ан-Нусра" тобан коьрта ницкъаш. Шен тelegram-каналехь бина Кадыровс цу кепара хаам.

Эскархошна садаIа хан ма ло аьлла, хьехна Кадыровс Шеман президентна Асад Башарна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, "терроризмца къийсам латторехь Малхбузерчу политикийн къамелаша пайда ца беана, мелхо а цара дегайовхо лора террорхошна шайгара гIо хир ду аьлла". Ишта дуьхьало йора эскархойн хьалханчашна тIом сацош сацам тIеэца а яздо Кадыровс.

"Нагахь Соьлжа-ГIалано а, Москоха а Малхбузено дуьйцучуьнга ладоьгIнехь, Нохчийчохь хьал чолхе дисина хир дара тахана а", - аьлла мехкан куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG