ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Темерхановн валарна тIехь Iедалхоша шайна пиар йина аьлла хета махкахошна


Буданов Юрий вийна аьлла, бехкевинчу Темерханов Юсупан кхел нийсонца яйта ца гIоьртира Нохчийчоьнан Iедалхой аьлла махкарчу бахархоша, веллачун тезетахь Кадыров Рамзан хиллачул а тIаьхьа, яздо "Кавказан узел" агенталло.

Маршо Радионо хаамбира, пIераскандийнахь Омскерчу набахтехь Темерханов Юсуп валарх. Цуьнан гергарчаьрга кадам бан иттанашкахь эзарнаш нах гулбеллера Гелдганахь. Шоьтадийнахь ша ваьхначу юьртахь лаьтте кховдийра 48 шо долу Темерханов Юсуп. Иза дIавуллучу дийнахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийра, Темерхановс Буданов вийна цахиларх. Амма, элира цо, цунна тIебожийначу бехко халкъалахь турпалхо вина цунах, тIехь ницкъбина, йийначу нохчийн йоьIан Кунгаева Эльзин чIир эцарна.

Темерхановн кхалхар тIехь шайна пиар ян гIоьртина нохчийн Iедалхой.

"Буданов цо вийна вац аьллачу Кадыровс а, я цхьана хьаькамо а цхьа гIулч ца яьккхина, Юсуп маьрша ваккхархьама-м дуьйцур а дацара, иза чохь латто хьелаш кIаддархьама а. ХIинца цунна байташ йохуш, шаьш нийсо толор ю бохуш, зевне дIахьедарш до. Йоллу Кавказехь турпалхо леринчу оцу кIентан валарна тIехь а шайна реклама ян гIерта Iедалхой", - аьлла агенталлан корреспонденте махкарчу вахархочо Iумара.

2000-чу шеран Зазадоккхучу - баттахь Таьнгичу а вахана, 18 шо долу Кунгаева Эльза, тIемалойн снайпер ю аьлла, лаьцна дIа а йигина, цигахь цунна тIехь ницкъ а бина, йийнера Будановс.

XS
SM
MD
LG