ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчохь "Кадыровн доттагI" кхеле хIоттийна


Меттигерчу зорбанаша "Кадыров Рамзанан герггара ву" олу Хангошвили Муса дIалаьцна Гуьржийчохь. Полисхошна дуьхьалоярна бехкево иза, хаамбо "Рустави 2" телеканало. Гуьржийн хаамийн гIирсаша дийцарехь, даим а Соьлжа-ГIалахь веха Хангошвили дукха хан йоццуш Ахметан муниципалитетан Дуиси эвла веанера, шен нанна тIехIотта.

Гуьржийчу кхаьчна а валале, полисхошца ши инцидент хиллера цуьнан. Дуисерчу полисхойн декъана гергахь, дош дашера даьллера цуьнан ницкъахошца. Кхело 2 эзар лари (830 гергга долларшкахь) гIуда тIе а дожийна, маьрша витинера иза.

Цул тIаьхьа 4 де даьллачул тIаьхьа, шолгIа Гурджуанехь дIалецира Хангошвили. Юьхьанца полисхошца къовсаме а ваьлла, цул тIаьхьа цаьрца тасавеллера иза.

Гуьржийчоьнан низамашца полицин белхахочунна дуьхьало йинчунна шина шарера пхеа шаре кхаччалц хан кхачайо.

Хангошвилис бехк тIе ца лоцу. Оршотдийнахь кхелахоша шайн сацам бовзуьйтур бу лаьцначун хьокъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG