ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Индонезехь мохкбегийча 91 стаг велла


Индонезехь Ломбок гIайре тIехь мохкбегийча 91 стаг велла, бIеннашкахь бу чевнаш хилларш. Зен динчийн терахь кхиа тарло аьлла хета орцанхошна.

6, 9 магнитуда (ницкъан гайтам) йолуш, мохкбегоро дохийна цIенош, дIаяьккхина ток. Луларчу Бали гIайре тIехь а а хаабелла мохк бегош. Iедалхоша кхерамечу меттигашкара арабохуш бу нах.

Байначу беттан 29-чохь кхечу гIайре тIехь а мохкбегийна велира 17 стаг, бIеннашкахь бара чевнаш йинарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG