ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу а, ГIалгIайчу а оьхучу туристийн терахь 50 проценте даьлла Iедалхоша бахарехь


Нохчийчуьра "Ведучи" курорт
Нохчийчуьра "Ведучи" курорт

Къилбаседа Кавказан шина республикехь 50 процент лакхадаьлла чуоьхучу туристийн терахь, хаамбо PlanFox сайто.

Шо карадеачхьана ГIалгIайчоьно тIеэцна 88 эзар гергга турист. Царлахь 10 эзар кхечу пачхьалкхашкара бахархой бу. Дуьненан футболан чемпионат йоьдучу заманчохь гергарлонаш тийсадаларца баьхкинера уьш.

Нохчийчохь 2018-чу шарахь 72 эзар турист хилла, Оьрсийчоьнан бахархой боцурш, дозанал а арахьара а цхьана.

Нохчийчуьрчу меттигашка бIаьргтоха оьхурш совбуьйлуш бу шо шаре, билгалдоккху PlanFox агенталло.

Стохкалерачу шарца дуьстича, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а хиллачу туристийн терахь 50 проценте лакхадаьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG