ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венесуэлехь дIалаьцна 11 журналист


Венесуэлан президентна кIело йинчул тIаьхьа дIалаьцна 11 журналист. Меттигерчу Къоман зорбан союзехь хаамбарехь, буьйцурш бу Венесуэлан а, Испанин а, Аргентинан а хьостанийн белхахой. Кхин масех журналистна йиттина, къола а дина. Организацино таIзар де аьлла бехкеболчарна.

Хьалхо Венесуэлан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло 6 дIалаьцна ву аьллера. Шоьтадийнахь Каракасехь йоьдучу тIеман парадехь президентна Мадуро Николасана кIело йира. Къайлахчу сервисийн хаамашца, тIелатар деш пайдаэцнера, хIаваэхь лилхинчу дронех.

ВорхI стагна чевнаш йинера, Мадурана зен ца хиллера. Терактна бехке луларчу Колумбин Iедалхой а бу аьлла, чIагIдо Венесуэлехь.

Боготехь бехкаш бух боцуш лерина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG