ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Калининградерчу колонехь тутмакхна йиттина белхахо дIалаьцна кхело


Шен бакъонел а тIехваьлла, Iазап лелорна шеконашца дIалаьцна Калининградан кхело тутмакхийн колонехь кхерамзаллан декъан куьйгалхочун гIовс лаьттина Хакимов Даврон. Талламчийн версица, кху Iай ФСИН-ан муьлш бу къастазчу белхахошца цхьана цхьахволчу тутмакхна йиттина хилла цо, цуьнан 10 пIенда а кагбеш.

Зазадоккхучу-баттахь бехкзуламан гIуллакх долийна цунна дуьхьал. Амма оцу юкъанна балхара мукъаваьккхина ца хиллера Хакимов, ша дIалаццалц декхарш кхочушдинера цо.

Регионерчу ФСИН-ан куьйгалхочо дIахьедина, нагахь кхело иза бехкехилар тIечIагIдахь, шаьш балхара дIавоккхур ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG