ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахочо шен хиллачу нохчийн зудчо йина йоI лачкъийна


Шемарчу 40 шо долчу мухIажирна тIехь кхел йолийна Германехь. Иза бехкево, шен хиллачу 18 шо долчу Нохчийчуьра схьаяьллачу зудчо шена йина йоI лачкъорна. Markische Allgemeine газетано дуьйцу цунах деталашкахь.

Шен хиллачу зудчо кхачо йоллуш цунна нанолла лелор дац аьлла хеташ, лачкъийнера ша шен йоI аьлла дийцина, Закарий цIе йолчу шемахочо. Цо тIе ца дуьту, шен хилла зуда юхаян лаамца ша бер лачкъийна бохург.

Талламчийн версица, Германин Къилба Малхбалерчу Бранденбургехь хилла хIума ду и.

Шемарчу Алеппо гIалара веанчу мухIажирца Айзенхюттенштадт гIалахь девзинера и шиъ. Вовшийн маттах кхеташ боцушшехь, доьзал кхолла лаам хиллера церан. Доьзалхо гучуваьллачул тIаьхь, шена кхи везавелла аьлла, майрчух къаста Iалашо хиллера Дианин. Цо маьрша йитинера иза, амма тIаьхьо ша йоI цуьнгахь юьтур яц аьлла, дIахьединера.

Стохка Iай 10 бутт кхаьчна шен йоI Ясмин дегахь йитинера Дианас Гранзе гIалахь. Цул тIаьхьа йоI юха ца ялинера Закарийс. Масех де даьллачул тIаьхьа Диане ватсапехула хаам бинера, йоIах лаьцна дийцарш дан, цхьанакхета лаьа шена аьлла. Дехар динера цо полицига ца хаийтар.

Дианас полици орца дехнера, масех Германин регионашкахь а, тIаьхьо Нидерландашкахь а лехнера йоI. Кху Iай Закарийн йиша йолчахь схьакарийнера Ясмин.

Бранденбурган дозанарчу Нойруппин гIалахь дIахьош ю оцу стеган кхел. Кху беттан 30-чу дийнахь кхело бовзуьйтур бу шен сацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG