ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачале биъ урам тобан тIелаьцна шахьаран мэро


Ибрагим Закриев и Рамзан Кадыров
Ибрагим Закриев и Рамзан Кадыров

Соьлжа - ГIалин 200 шо кхачар даздан кечамаш бечу юкъанна, Нохчийчуьрчу Iедалхоша гIалин биъ урам тобан тIелаьцна. Дукха хан йоццуш шахьаран мэр хIоттийначу Кадыров Рамзанан йишин кIанта Закриев ИбрехIима дийцина цунах ТАСС агенталле. Цо бахарехь, 348 миллион гергга сом оьшур ду оцу гIуллакхна.

Мухьаммад Iелин проспект а, Эсамбаевн, Орзамиевн, Назарбаевн урамаш а карладохуш белхаш болийна аьлла цо. 427 хIусамна хьалхара некъаш а, тротуараш а, берийн а, спортан а майданаш а кечйийр йолуш ю.

ХIусамийн керташ, вогIу-воьду меттигаш а битаме ялош 1 миллиард 295 сом ахча гIур ду. Карарчу заманчохь 50 процентна белхаш бина бу аьлла мэро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG