ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германера нана а, йоI а елла дIаяллалц набахтехь юьтур ю БагIдадан кхело


Германин яхархо Надия К. БагIдадан кхело елла дIаяллалц набахте хьажийна, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан декъахь лаьттина аьлла. Deutsche Welle хьостано бина и хаам.

Мароккера схьаяьлла Германин яхархо, Надиян нана а кху Iай ен кхайкхийнера. ДаIишхошца ша йолчу хенахь цо динчу зуламашна бекхейо и зуда Иракъан кхело. ТIаьхьо кхело шан сацам хийцира, елла дIаяллалц набахтехь юьтуш.

Deutsche Welle хьостано билгалдаккхарца, 2014-чу шарахь нана а, йоI а Туркойчухула дIаяханера жихIадхоша шайн карахь латточу Шемарчу кIошта.

ТIаьхьо Мосуле дехьаяьллера и шиъ. ГIала даIишхойх мукъаяьккхинчул тIаьхьа Иракъан эскархойн караяхнера и шиъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG