ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Темерхановн валарна тIехь "са лехьо гIертарш" емалбина Даудовс


Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада ("Лорд") емалбина Темерханов Юсупан кхалхарна тIехь са лаха арабевлла шайн оппоненташ. Цу кепарчу дIахьедарца иза вистхилла Гелдганарчу къаношна а, веллачун гергарчарна а хьалха. Меттигерчу телеканалехь гайтинчу шен дехачу къамелехь Даудовс дийцина иштта, Темерханов Юсупна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана динчу гIоьналлех а.

"Цхьа нах бевлла Темерхановн валарх шайна са лоьхуш. Цуьнан тезетахь мел хиллачарна дIахаза лаьа суна сайн къамел. Юсуп дIалаьцначу дийнахь дуьйнна вайн паччахьо Рамзан-Хьаьжас шега мел далург дина. Кадыровс тIаьхьа кема а дахийтина, цуьнан дакъа схьа ца деанехь, вай хIинца а иза валаваре хьоьжуш хир дара. Йоллу Нохчийчоьно лаьтте кховдий Юсуп-Хьажа", - дIахьедина парламентан спикеро Даудовс.

Иштта Даудовс дийцина, къаьсттина "вахабисташ" къахьоьгуш хиларх, шайна пайде долчу агIор Темерханов гойтуш, видеороликаш яржош.

"Шу стенгахь дара хIинццалц? ВорхI шо хьалха лаьцна ма вара Юсуп-Хьаьжа. Шу цуьнан бала болуш дара?", - оьгIазе хоьтту Даудовс.

Юьхь яьккхина парламентан куьйгалхочо политикан мухIажиран Закаев Ахьмадан а. "Тхо гIазоте кхайкхина, тхо хьуьнхахь а дитина, ведда вахана Закаев а ву шена "очкош йохуш" сан эвланна а, сан юьртахочунна тIехь ", - боху Даудовс, хетарехь, Закаевс Темерханов турпалхо ву аьлла, яржийна видео дагахь йолуш.

Карарчу беттан 3-чохь Омскерчу колонехь дарбан декъехь велла Темерханов Юсуп. Полковникан чинехь хилла Буданов Юрий вийна аьлла, хан тоьхнера цунна.

Танкан полкан урхалла деш вара Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь Буданов. 2003-чу шарахь эпсаран чинех воккхуш, хан тоьхнера цунна Таьнгичуьра 18 шо долу Кунгаева Эльза дIа а йигина, ерна.

XS
SM
MD
LG