ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джемал Орхане тIаьххьара бIаьргтоьхна Москох


Джемал Орхан
Джемал Орхан

ккъерчу Африкан Республикехь вийначу оьрсийн журналистах Джемал Орханах тIаьххьара бIаьргтохар хилла шинаридийнахь Москох. Тахана дIавуллуш ву иза Хованан кешнашкарчу бусулбачийн секторехь.

Африкерчу Оьрсийчоьнан векалалло байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь дIакхайкхйира оцу пачхьалкхан Сибю гIалахь кхо стаг верах. ТIаьхьо оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министралло хааме даьккхира, цаьргахь карийна документаш Радченко Кириллан, Расторгуев Александран, Джемал Орханан а цIерашца ду аьлла.​Туристаш санна цу пачхьалке а бахана, документалан кино йоккхуш бара уьш. Москох кхачийна беллачу журналистийн декъий кIирандийнахь.

Журналисташ байина аьлла, дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийначу Талламан комитето кхелан-медицинан экспертиза йина декъийн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG