ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХьаьжцIа боьлхучийн Соьлжа-ГIалара хьалхара тоба новкъаели


СаIуда Iаьрбийчу ХьаьжцIа Нохчийчуьра кеманца шинаридийнахь дуьххьара новкъаваьлларг ву, Динан урхаллин хаамашца, 174 вахархо. Хьалхо хиллачу хаамашца, кху шарахь Макка-Медина ваха лерина ву 2600 стаг, муфтиятан информацица.

Соьлжа-ГIалара 15 рейс ю царна лерина, вовшахтоьхна. СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалша мехаш хьалабахарца доьзна, кху шарахь мел а харж ер ю ХьаьжцIа боьлхучийн.

"Новкъайолучу тобанца цхьана ву динан урхаллан белхахо а, лор а. Кхушара ХьаьжцIа ваха Iалашо лаьцначу 2600 стагах, муфтиятан векало даредарца, 300 вахархочун хьаждар регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан чоьтах ду".

Иштта цо бахарехь, тIедогIучу кIиранах бисинарш а новкъабохур болуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG