ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а белла дIабовллалц набахтехь буьтуш кхел йина тIемалошна


Волгодонскехь а, Москох а цIенош лелхийтина аьлла, бехкевина, велла дIаваллалц набахтехь яккха хенаш тоьхначу Крымшамхалов Юсупна а, Деккушев Адамна а шолгIа хенаш кхайкхийна, оьрсийн салтишна Нохчийчохь тIом боьдучу заманчохь тIелетарш дина аьлла. ШолгIа а, белла дIабовллалц чохь бахкош сацам тIеэцна кхелахоша.

Маршо Радионо яздира, цушинна дуьхьал керла бехктакхаман дов долийна хиларх Оьрсийчоьнан прокуратуро.

Талламхоша чIагIдарехь, Крымшамхалов а, Деккушев а декъашхой хилла Басаев Шемила а, Хаттаба а куьйгалла а деш, 1999-чу шеран ГIадужу-беттан 4-чу дийнахь Червленни эвлан йистехь Оьрсийчоьнан тIеман коврана тIелатар диначу тобанан.

Цу тIамехь вийра 15 эскаррхо, 28 чевнаш йина вара. Басаевн а, Хаттабан а тобанашкахь хилла кхиберш лехамашкахь бу аьлла, яздина Талламан комитето шайн сайтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG