ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулбачу зударех ша йинчу забарна дохко ца ваьлла Джонсон


Джонсон Борис
Джонсон Борис

Консервативан партин куьйгалхочо тIедожийнашшехь, Британин хилла арахьарчу гIуллакхийн министр Джонсон Борис дуьхьал ву, бусулбачийн духарх ша йинчу забарна гечдар деха. Би-Би-Си медиакорпорацино бо и хаам кхааридийнахь.

Почтан яьшканех тера хуьлу аьллера цо, юьхь лачкъийна духарца лела зударий. Банкашка къола дечу талорхошца а буьстинера Джонсона буркаш йоьхна лела бусулба зударий. Питане а, сийсаз а ю цуьнан забар аьллера цхьа могIа бакъонашларъярхоша а, бусулба жигархоша а, лейбористийн оппозицино а, иштта Джонсонан цхьаболчу белхан накъосташа а.

The Daily Telegraph газетан агIонехь зорбане даьккхинера британхойн хиллачу министран къовсаме дIахьедар. Урамашкахь, нах гуллучу меттигашкахь а бурка лелор Данин Iедалша низамашкахь дехкар а емалдинера Джонсона.

Политико бахарехь, бусулбачийн духар лелорна гIуда юкъадаккхар совнах хIума дара, иза пайден хилла радикалашна.

Делахь а, бурка эшоран гIирс бу аьлла Джонсона. "Почтан яьшка санначу духарехь урамашкахь адам дIасалелар беламе ду", яздина экс-министро.

Доларчу компанешкахь а, пачхьалкхан организацешкахь а дресс-код лелор юкъадаккха деза аьлла Джонсон Бориса.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG